Жимма «Нохчалла» хьокъехь:
Къонахан васт, амалш
Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча а, даьхни тоьар дацара иза эца. Делаца шен ойла хиларе терра, вохкалуш-эцалуш вац иза.
Нехан гӀуллакхна са дагадо цо. Собаречу нахана йуккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана йуккъехь а оьздангаллица билгала хуьлу.
Цуьнгара гӀиллакх даккха стагга а вац. Нохчо хилар – къонах хилар ду. Къонах а, нохчо а хилла дуьненан дахарх чекхвала а атта дац.
Цу шинне а дахар даржах йа кисанах доьзна дац. Цундела иза цӀанонан, нийсонан, бакъонан новкъа тӀера йуьстах ца гӀерта; адамалла, ийман, вадд – де-дийне даларца цуьнан сов долу.
Хасиев Сайд-Мохьмадан статья йуккъера

❗️И дешнаш атта хетахь а, бӀе шо хьалха Нохчийчоь муха йара дагадаийтичхьана кхетар ду вай, мел сиха бовш бу вайн мотт, хӀораммо цу тӀехь къа ца хьегахь. БӀе шо хьалха оьрсийн мотт хууш адам кардан а атта дацара Нохчийчохь.
⠀
Вроде простые слова, а для кого-то может и бессмысленные. Но достаточно представить Чечню, где ни один человек не знает ни одного слова на чеченском языке. Вы скажите, что это невозможно, но даже 100 лет назад русскоговорящих в Чечне найти было нелегко.
⠀
▪Мотт бу - къам ду! Мотт бац - къам дац! Есть язык - есть нация! Нет языка - нет нации!
⠀
🤔ХIун аьлла хета хьуна - хIунда ца буьйцу-те цIенна нохчийн мотт❓️ Как считаешь, почему чеченцы все реже и реже говорят на родном языке?
⠀
Йазде хьайна хетарг👇Оставь свое мнение в комментариях

Жимма «Нохчалла» хьокъехь
Ларам
Шеца ларам болчу стага:
– къамел дечунна йукъара дош ца доккху, и дийцина валлалц;
– воккхачуьнгара пурба а доцуш вист ца хуьлу;
– гуттар оьзда а, кӀеда-мерза вистхуьлу;
– цкъа а лен а ца лоь, тӀех а ца детта, сийсаз а ца до, тӀе а ца чевха, мохь а ца хьоькху;
– воккханиг нийса вацахь а, цунна дуьхьала ца лоь;
– дукха ца дуьйцу, вуьшта аьлча къамел доца хуьлу;
– цхьанна вас хир йолу хӀума ца олу;
– цкъа а цхьаннах кхарда ца кхаьрда, вела а ца воьлу;
– цхьа а шел лахара йа Ӏовдал ца хета.

ТЕЗЕТ
Кхечу къаьмнийн векалшна билгалдаьлла ма-хиллара, нохчийн тезетан шен кеп а, куц а ду.
Кхузахь гуллуш болу нах шина декъе (кӀулле) бекъало: тезетана тӀевоьдучу аьтто агӀор берш жим-жиманиг кевнан бертехьа, вокх-воккханиг «баьрчехьа».
Ирахь лаьттачу кегийчарна тӀера охьахевшинчу баккхийчарна тӀекхаччалц тезетан дайшца бала бекъа а, шайга лацалуш долу гӀо лаца а, вон тӀехӀоьттинчарна гӀортор хила а баьхкина бу йуьртара а, гуонахара тӀебаьхкина а нах.

НОХЧИЙН КЪОМАН КУЛЬТУРИН КОЬРТА МЕХАЛАЛЛАШ
Нохчийн къоман культурин коьрта гӀиллакх ду адам ларар.
Билгалдаккха деза, адам ларар массо а къаьмнийн оьздангаллин дакъа хилар.
Бакъду, цхьайолчу йукъараллехь адаман бакъонаш цуьнан нахана гергахь долу даржах йоьзна йу.
Амма Нохчийн йукъараллехь иштта къастамаш хилла бац, муьлхха а стаг, иза къен велахь а, лазийна велахь а, жимачу тайпанах хуьлуш велахь а, – массаьрца цхьатерра бакъонаш йолуш ву, ткъа йукъараллехь цуьнца болу ларам а, меттиг а цуьнан гӀиллакхе а, сийга а хьаьжжина хуьлуш йу.
Аьттехьа а маттаца, гӀуллакхца йа муьлхха а кхечу агӀор адам йемалдар магош дац.
ПЕРЕВОД В КОММЕНТАРИЯХ👇

КЪИНХЬЕГАМЦА ЙОЛУ ЙУКЪАМЕТТИГ
Мацах хьалха дас, шен кӀант тӀе а кхайкхина, цунна сом а кховдийна, аьлла:
«Вало, хи чу кхосса хӀара».
КӀанта цу сохьта шен ден тӀедиллар кхочушдира.
Хан йаьлча, дас туьманца а изза де аьлла, йуха итт туьманца а. КӀанта кхочушдира.
Амма цхьа де тӀекхечира, кӀант ша ахча даккха волавелира.
Ша даьккхина хьалхара сом хьуш, дена тӀевахара кӀант, цуьнан самукъдаккхархьама.
Ткъа дас и сом а хи чу кхосса аьлла кӀанте. КӀант цецваьлла:
«Муха хи чу кхосса? Ас айса къахьоьгуш даьккхина ма ду иза!»
Дас жоп делла цунна:
«И ахь, шек дӀа а воцуш, хи чу кхоьссина долу бӀе цхьайтта сом сан а къахьогуш даккха дезна».
Иштта бевзира кӀантана къахьегарца даьккхинчу соьман мах.

ЖИММА «НОХЧАЛЛА» ХЬОКЪЕХЬ
НОХЧИЙН ГӀИЛЛАКХИЙН ЙУЬХЬАНЦАРА БАКЪОНАШ
Стаг а, зуда а уллехь догӀуш делахь, зуда стагана цхьа гӀулч тӀехьа хила йезаш йу. Оцу ламастан бахьана ду, ширачу заманашкахь боьршачу стага муьлхха а кхерам уггар хьалха шена тӀелоцуш хилар.
Ул-уллехь вогӀуш ши стаг велахь, жимахверг аьрру агӀор а, ахгӀулч тӀехьа а хила веза. Цуьнан бахьана ду, жимачо воккхачуьнан гӀийла аьрру агӀор ларйан йезаш хилар.
Цхьаьна вогӀуш кхо стаг велахь, воккханиг йуккъехь хир ву, ткъа жиманаш шинна а агӀонашкахь, жимма тӀаьхьа а вуьсуш.

НОХЧИЙН ЦХЬАДОЛУ ЛАМАСТАШ
Хьошаллех хьакхалуш кхин а масех бакъо йу. Хьеший тӀелоцуш волу хӀусамдас неӀаршна уллехь йолу меттиг дӀалоцу, хьеший баьхкинчу цӀийн чохь шен кӀеззиг дакъа хилар гойтуш.
Иштта а ладаме ду, хӀусамдас хьеший йиъна бовллалц йаа йезар, хьешел хьалха шуьнан хьалхара гӀаттар гӀиллакхехь дац.
Нагахь санна баьхкина хьеший гергара нах йа лулахой бацахь, зударий царна хьалха хьийза безаш бац.
Уьш тӀелацар чуьра баккхийчу кӀенташна, къоначу гергарчу нахана йа лулара кӀенташна тӀедужу.

БАККХИЙНАШ ЛАРАР
Тидам бан беза, нохчийн Ӏедалехь Воккханиг хилар бакъо хила ца Ӏаш, хьакъ а ду, хӀунда аьлча жимачунна хьалха шен декхарш хуьлу воккхачуьнан.
Оцу оьздангаллин ламасто кхиорхошна шаьш кхиа а дог-ойла ойъу. Цо тӀедожадо баккхийчарна гуттар ларамехь хилар а, тидаме хилар а, берашна гӀайгӀа бойту, церан хьокъехь кӀоршаме хилар а, цатам хир болу дош алар а доьхку, цаьрца йолу йукъаметтиг а, доьзалан уьйранаш а чӀагӀйойту.
Кегийчеран ларамо а, сийно а, муьтӀахь хиларо а доьху баккхийчаьргара ша-шен къамелан а, гӀуллакхан а Ӏуналла дар, хӀунда аьлча чохь а, цул тӀаьхьа арахь а леларан масалаш хуьлу царах кегийчарна.

Оьздангалла а, нохчочун дахарехь цуьнан маьӀна а
Массо а къомана девзаш ду баккхийнаш лараран гӀиллакх.
Амма массо а къомана ца девза воккхачунна некъ битаран гӀиллакх.
«Некъ битар» - дикка богӀуш кхетам бу. Генара вогӀучу стагана вай хьалхахула довларх, цунна цхьа а зен хир дац йа цуьнан «некъ хедар бац».
Цундела и гӀиллакх воккхачунна ларам бар, цунна а, цуьнан ханна а сий дар ду.
Иза, цхьа а шеко йоцуш, хаза гӀиллакх ду.

КЪОНАХАЛЛА
Къонах – иза «Къонахаллин» коьрта бехкамаш тӀехь нисвелларг ву.
Къонахчун коьрта Ӏалашо а, дахаран маьӀна а шен къомана а, Даймехкана а гӀуллакх дар ду. Къоман а, Даймехкан а гӀуллакх цунна шен тайпанан, некъан йа цӀийнан гӀуллакхел а лакхара ду.
Къонахчунна уггар лакхара гӀуллакх шен Даймохк мостагӀчух ларбар ду. Нийсонан тӀамехь йа шен сий а, цӀе а ларйеш а кхалхар бакъхьа ду Къонахчунна, цӀейожарехь а, йуьхьӀаьржонехь а вехачул.

НОХЧИЙН СИНКЪЕРАМ
Доцца аьлча, синкъерам, шен диканиг-вониг зуьйш, цецах чекхдоккхуш, толлуш, шен оьздангаллин тархашца нисйеш, нохчийн къомо кхоьллина Ӏаламат мехала институт йу.
Дайшкара вайга кхаьчна кхин хӀума ца хилча а, и цхьаъ а тоьар дара вайна йуьхькӀайн хӀитта а, кортош айъина дуьнен чохь лела а.
ДогӀуш а, мегар долчарех а ду, кегийрачу чкъурана ша довза а, зен а аьтто бан, хьанна а хьалха куралла йан кхоьллина и институт хиларна.
Кхечу къаьмнийн иза цахилар хьаьжча-м хӀета а вайн дайшкара доккха хьуьнар оьшуш хӀума хилла иза.
Гуттар доккха хӀума ду иза, дуьненна йукъара хьоле диллича, кхечанхьа и саннарг цахилар дага лаьцча: йоьӀан аьтто бар; дуккха а кегийра нах бовзийтар; тӀехьийзорца, царах цхьаъ къасто аьтто баккхар; цуьнца шен дахаран некъ дӀаболор.

ЙАХЬ
Нохчийн ламастех ду доьзалехь дас-нанас нийса къийсар – йахь кхиор:
– нахана йуккъехь дика цӀе йаккхийтар.
– къахьегарехь уггар хьалха хилар;
– латарехь уггар майра хилар;
– оьшучунна гӀодаккхарехь хьалхара хилар;
– совгӀаташ доькъучохь тӀаьххьара хилар;
– комаьрша а, бала кхочуш а хилар.
Йахь йолуш хилар кхечарал лакхара хила гӀертар дац.
Йахь йолуш хилар кхечарал эшна ца хила гӀертар ду.

Жимма «НОХЧАЛЛА» хьокъехь
ГӀУЛЛАКХ
ГӀуллакх долу стаг – иза ша шена оьшучу, хьашт долчу хӀумане хьожург ву.
Нагахь санна, цхьа гӀуллакх дарехь дакъалоцуш воккханиг а, жиманиг а велахь, жимачо воккхачуьнга ала деза:
«Соьга дайтахьа иза, соьгара гӀиллакх а ца доккхуш»