🟢 Чеченский язык Нохчийн мотт @chechez
83 subscribers
90 photos
2 videos
6 links
🟢 Обучение чеченскому языку

Сеть телеграм-каналов по обучению иностранным языкам

🌐 Реклама, обратная связь @RD700
加入频道
😁А сможете написать предложение отвечая на один из этих вопросов❓️

Не забудь оставить свой комментарий👇 и поделиться постом с друзьями👍
Жимма «НОХЧАЛЛИН» хьокъехь:

Салам далар-эцар

Iарбаша салам дас кIанте, вашас веше, бераша дега-нене, цIийнадас шен хIусамнене а ло, ур-атталла ара а ваьлла зоканера шийла хи маларна йуккъера, йуха чу веъча а.

Мел боккха «тIом» латтабо вайн баккхийчара шайн гергарчу кегийрачу нахаца, салам хIунда ца ло шайга бохуш.

Далалой ткъа иза кегийчаьрга? ХIан-хIа, шайна иза хIунда ду а ца хуъушехь, даго, сино, кхетамо тIе ца дуьту, баккхийчаьрга салам далар.
Жимма «НОХЧАЛЛИН» хьокъехь:

ГӀиллакх

«Хьайгара гӀиллакх а ма даккхийта! Кхечаьргара айхь гӀиллакх а ма даккха!»
ХӀун маьӀна ду оцу кицанан?

Масала, ши стаг ву – воккханиг а, жиманиг а – цхьа гӀант а бен дац.

Воккхачо оцу гӀанта тӀе жиманиг хаор – цо жимачуьнгара гӀиллакх даккхар ду!

Ткъа жимачо ша воккхачуьнга цига хаавайтар – цо шегара гӀиллакх дӀаккха магийтар ду. Цунах цу шинна а эшам бу!

Цу шиннах цхьаьнгахь а гӀиллакх цахиларан билгало йу иза!
Жимма «НОХЧАЛЛИН» хьокъехь:

Нохчийн доьзал

Нохчийн доьзалехь коьрталла ден хуьлуш ду, цундела олуш ду цунах ЦӀийнда йа ХӀусамда.

Доьзалан цхьаалла да дӀакхелхича а йуьсуш йу, ишттачу хьолехь доьзалан коьрталла воккхачу вешина тӀейужу.

Деца хуьлуш долу сий а, ларам а хила беза цуьнца.

Бакъду, бисначу вежаршца дага а ца волуш, церан пурба а доцуш, ков-кертан а, доьзалан а гӀуллакхаш лело йиш йац цуьнан.
🤔Сможешь составить предложение с этими глаголами

Не забудь написать свой вариант в комментариях💬 и поделиться публикацией с друзьями😎

_____________________

Лайк - это ваша поддержка и благодарность за нашу работу😍
Немного о «Нохчалла»:

Почитание старших

Нравственные нормы жизни народа находят свое отражение в речи людей при их общении друг с другом.

Отношения между людьми неодинаковы; есть отношения равноправные, неравноправные, родственные, дружеские, недружеские и т.п.

Манера разговора, учтивая и спокойная, желание не унизить и не обидеть собеседника, даже при нелицеприятном разговоре является выражением такой характерной черты чеченского стереотипа как «стремление быть приятным».

Имеются специальные вежливо-скромные формы обращения к старшим: «дада» (отец), «нана» (мать), «деца» (тетя), «ваша» (дядя).
Жимма «Нохчалла» хьокъехь:

Къонахан васт, амалш

Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча а, даьхни тоьар дацара иза эца. Делаца шен ойла хиларе терра, вохкалуш-эцалуш вац иза.

Нехан гӀуллакхна са дагадо цо. Собаречу нахана йуккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана йуккъехь а оьздангаллица билгала хуьлу.

Цуьнгара гӀиллакх даккха стагга а вац. Нохчо хилар – къонах хилар ду. Къонах а, нохчо а хилла дуьненан дахарх чекхвала а атта дац.

Цу шинне а дахар даржах йа кисанах доьзна дац. Цундела иза цӀанонан, нийсонан, бакъонан новкъа тӀера йуьстах ца гӀерта; адамалла, ийман, вадд – де-дийне даларца цуьнан сов долу.

Хасиев Сайд-Мохьмадан статья йуккъера
🤔Сможешь составить предложение с этими глаголами

Не забудь написать свой вариант в комментариях💬 и поделиться публикацией с друзьями😎

Лайк - это ваша поддержка и благодарность за нашу работу😍
❗️И дешнаш атта хетахь а, бӀе шо хьалха Нохчийчоь муха йара дагадаийтичхьана кхетар ду вай, мел сиха бовш бу вайн мотт, хӀораммо цу тӀехь къа ца хьегахь. БӀе шо хьалха оьрсийн мотт хууш адам кардан а атта дацара Нохчийчохь.

Вроде простые слова, а для кого-то может и бессмысленные. Но достаточно представить Чечню, где ни один человек не знает ни одного слова на чеченском языке. Вы скажите, что это невозможно, но даже 100 лет назад русскоговорящих в Чечне найти было нелегко.

Мотт бу - къам ду! Мотт бац - къам дац! Есть язык - есть нация! Нет языка - нет нации!

🤔ХIун аьлла хета хьуна - хIунда ца буьйцу-те цIенна нохчийн мотт❓️ Как считаешь, почему чеченцы все реже и реже говорят на родном языке?

Йазде хьайна хетарг👇Оставь свое мнение в комментариях
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

Ларам

Шеца ларам болчу стага:

– къамел дечунна йукъара дош ца доккху, и дийцина валлалц;

– воккхачуьнгара пурба а доцуш вист ца хуьлу;

– гуттар оьзда а, кӀеда-мерза вистхуьлу;

– цкъа а лен а ца лоь, тӀех а ца детта, сийсаз а ца до, тӀе а ца чевха, мохь а ца хьоькху;

– воккханиг нийса вацахь а, цунна дуьхьала ца лоь;

– дукха ца дуьйцу, вуьшта аьлча къамел доца хуьлу;

– цхьанна вас хир йолу хӀума ца олу;

– цкъа а цхьаннах кхарда ца кхаьрда, вела а ца воьлу;

– цхьа а шел лахара йа Ӏовдал ца хета.
Продолжаем рубрику глаголы😊

Не забудь оставить комментарий💬 и поделиться постом с друзьями👍

😍Лайк - это ваша поддержка и благодарность за нашу работу😊
😊Муха кхета хьо хIокху кицанах❓️ Как ты понимаешь данную пословицу?

Не забудь оставить комментарий💬 и поделиться постом с друзьями👍

😍Лайк - это ваша поддержка и благодарность за нашу работу😊
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

ТЕЗЕТ

Кхечу къаьмнийн векалшна билгалдаьлла ма-хиллара, нохчийн тезетан шен кеп а, куц а ду.

Кхузахь гуллуш болу нах шина декъе (кӀулле) бекъало: тезетана тӀевоьдучу аьтто агӀор берш жим-жиманиг кевнан бертехьа, вокх-воккханиг «баьрчехьа».

Ирахь лаьттачу кегийчарна тӀера охьахевшинчу баккхийчарна тӀекхаччалц тезетан дайшца бала бекъа а, шайга лацалуш долу гӀо лаца а, вон тӀехӀоьттинчарна гӀортор хила а баьхкина бу йуьртара а, гуонахара тӀебаьхкина а нах.
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

НОХЧАША ЗУДА ЙАЗЙАР

Нохчийн гӀиллакхехь зуда – оьздангаллин йаххьийн хьоста ду. Вайна йуккъехь даьржина цхьа алар ду «Ненан мотт».

Цо чулоцу шена этикин комплекс, оьздангаллин леларан билламаш, адамаллех а, диканах а ойланаш, ненехула беран сине кхочуш йолу.
😊А сможете перевести пословицу на русский язык❓️

Куйнах ма теша - корта бовззалц! Дуйнах ма теша - стаг
вовззалц!

Не забудь оставить свой комментарий👇 и поделиться постом с друзьями👍

Лайк - это ваша поддержка и благодарность за нашу работу😍
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

НОХЧИЙН КЪОМАН КУЛЬТУРИН КОЬРТА МЕХАЛАЛЛАШ

Нохчийн къоман культурин коьрта гӀиллакх ду адам ларар.

Билгалдаккха деза, адам ларар массо а къаьмнийн оьздангаллин дакъа хилар.

Бакъду, цхьайолчу йукъараллехь адаман бакъонаш цуьнан нахана гергахь долу даржах йоьзна йу.

Амма Нохчийн йукъараллехь иштта къастамаш хилла бац, муьлхха а стаг, иза къен велахь а, лазийна велахь а, жимачу тайпанах хуьлуш велахь а, – массаьрца цхьатерра бакъонаш йолуш ву, ткъа йукъараллехь цуьнца болу ларам а, меттиг а цуьнан гӀиллакхе а, сийга а хьаьжжина хуьлуш йу.

Аьттехьа а маттаца, гӀуллакхца йа муьлхха а кхечу агӀор адам йемалдар магош дац.

ПЕРЕВОД В КОММЕНТАРИЯХ👇
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

КЪИНХЬЕГАМЦА ЙОЛУ ЙУКЪАМЕТТИГ

Мацах хьалха дас, шен кӀант тӀе а кхайкхина, цунна сом а кховдийна, аьлла:
«Вало, хи чу кхосса хӀара».
КӀанта цу сохьта шен ден тӀедиллар кхочушдира.

Хан йаьлча, дас туьманца а изза де аьлла, йуха итт туьманца а. КӀанта кхочушдира.

Амма цхьа де тӀекхечира, кӀант ша ахча даккха волавелира.
Ша даьккхина хьалхара сом хьуш, дена тӀевахара кӀант, цуьнан самукъдаккхархьама.

Ткъа дас и сом а хи чу кхосса аьлла кӀанте. КӀант цецваьлла:
«Муха хи чу кхосса? Ас айса къахьоьгуш даьккхина ма ду иза!»

Дас жоп делла цунна:
«И ахь, шек дӀа а воцуш, хи чу кхоьссина долу бӀе цхьайтта сом сан а къахьогуш даккха дезна».

Иштта бевзира кӀантана къахьегарца даьккхинчу соьман мах.
ЖИММА «НОХЧАЛЛА» ХЬОКЪЕХЬ

НОХЧИЙН ГӀИЛЛАКХИЙН ЙУЬХЬАНЦАРА БАКЪОНАШ

Стаг а, зуда а уллехь догӀуш делахь, зуда стагана цхьа гӀулч тӀехьа хила йезаш йу. Оцу ламастан бахьана ду, ширачу заманашкахь боьршачу стага муьлхха а кхерам уггар хьалха шена тӀелоцуш хилар.

Ул-уллехь вогӀуш ши стаг велахь, жимахверг аьрру агӀор а, ахгӀулч тӀехьа а хила веза. Цуьнан бахьана ду, жимачо воккхачуьнан гӀийла аьрру агӀор ларйан йезаш хилар.

Цхьаьна вогӀуш кхо стаг велахь, воккханиг йуккъехь хир ву, ткъа жиманаш шинна а агӀонашкахь, жимма тӀаьхьа а вуьсуш.
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

НОХЧИЙН ЦХЬАДОЛУ ЛАМАСТАШ

Хьошаллех хьакхалуш кхин а масех бакъо йу. Хьеший тӀелоцуш волу хӀусамдас неӀаршна уллехь йолу меттиг дӀалоцу, хьеший баьхкинчу цӀийн чохь шен кӀеззиг дакъа хилар гойтуш.

Иштта а ладаме ду, хӀусамдас хьеший йиъна бовллалц йаа йезар, хьешел хьалха шуьнан хьалхара гӀаттар гӀиллакхехь дац.

Нагахь санна баьхкина хьеший гергара нах йа лулахой бацахь, зударий царна хьалха хьийза безаш бац.

Уьш тӀелацар чуьра баккхийчу кӀенташна, къоначу гергарчу нахана йа лулара кӀенташна тӀедужу.