🟢 Чеченский язык Нохчийн мотт @chechez
83 subscribers
89 photos
2 videos
6 links
🟢 Обучение чеченскому языку

Сеть телеграм-каналов по обучению иностранным языкам

🌐 Реклама, обратная связь @RD700
加入频道
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

НОХЧАША ЗУДА ЙАЗЙАР

Нохчийн гӀиллакхехь зуда – оьздангаллин йаххьийн хьоста ду. Вайна йуккъехь даьржина цхьа алар ду «Ненан мотт».

Цо чулоцу шена этикин комплекс, оьздангаллин леларан билламаш, адамаллех а, диканах а ойланаш, ненехула беран сине кхочуш йолу.
😊А сможете перевести пословицу на русский язык❓️

Куйнах ма теша - корта бовззалц! Дуйнах ма теша - стаг
вовззалц!

Не забудь оставить свой комментарий👇 и поделиться постом с друзьями👍

Лайк - это ваша поддержка и благодарность за нашу работу😍
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

НОХЧИЙН КЪОМАН КУЛЬТУРИН КОЬРТА МЕХАЛАЛЛАШ

Нохчийн къоман культурин коьрта гӀиллакх ду адам ларар.

Билгалдаккха деза, адам ларар массо а къаьмнийн оьздангаллин дакъа хилар.

Бакъду, цхьайолчу йукъараллехь адаман бакъонаш цуьнан нахана гергахь долу даржах йоьзна йу.

Амма Нохчийн йукъараллехь иштта къастамаш хилла бац, муьлхха а стаг, иза къен велахь а, лазийна велахь а, жимачу тайпанах хуьлуш велахь а, – массаьрца цхьатерра бакъонаш йолуш ву, ткъа йукъараллехь цуьнца болу ларам а, меттиг а цуьнан гӀиллакхе а, сийга а хьаьжжина хуьлуш йу.

Аьттехьа а маттаца, гӀуллакхца йа муьлхха а кхечу агӀор адам йемалдар магош дац.

ПЕРЕВОД В КОММЕНТАРИЯХ👇
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

КЪИНХЬЕГАМЦА ЙОЛУ ЙУКЪАМЕТТИГ

Мацах хьалха дас, шен кӀант тӀе а кхайкхина, цунна сом а кховдийна, аьлла:
«Вало, хи чу кхосса хӀара».
КӀанта цу сохьта шен ден тӀедиллар кхочушдира.

Хан йаьлча, дас туьманца а изза де аьлла, йуха итт туьманца а. КӀанта кхочушдира.

Амма цхьа де тӀекхечира, кӀант ша ахча даккха волавелира.
Ша даьккхина хьалхара сом хьуш, дена тӀевахара кӀант, цуьнан самукъдаккхархьама.

Ткъа дас и сом а хи чу кхосса аьлла кӀанте. КӀант цецваьлла:
«Муха хи чу кхосса? Ас айса къахьоьгуш даьккхина ма ду иза!»

Дас жоп делла цунна:
«И ахь, шек дӀа а воцуш, хи чу кхоьссина долу бӀе цхьайтта сом сан а къахьогуш даккха дезна».

Иштта бевзира кӀантана къахьегарца даьккхинчу соьман мах.
ЖИММА «НОХЧАЛЛА» ХЬОКЪЕХЬ

НОХЧИЙН ГӀИЛЛАКХИЙН ЙУЬХЬАНЦАРА БАКЪОНАШ

Стаг а, зуда а уллехь догӀуш делахь, зуда стагана цхьа гӀулч тӀехьа хила йезаш йу. Оцу ламастан бахьана ду, ширачу заманашкахь боьршачу стага муьлхха а кхерам уггар хьалха шена тӀелоцуш хилар.

Ул-уллехь вогӀуш ши стаг велахь, жимахверг аьрру агӀор а, ахгӀулч тӀехьа а хила веза. Цуьнан бахьана ду, жимачо воккхачуьнан гӀийла аьрру агӀор ларйан йезаш хилар.

Цхьаьна вогӀуш кхо стаг велахь, воккханиг йуккъехь хир ву, ткъа жиманаш шинна а агӀонашкахь, жимма тӀаьхьа а вуьсуш.
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

НОХЧИЙН ЦХЬАДОЛУ ЛАМАСТАШ

Хьошаллех хьакхалуш кхин а масех бакъо йу. Хьеший тӀелоцуш волу хӀусамдас неӀаршна уллехь йолу меттиг дӀалоцу, хьеший баьхкинчу цӀийн чохь шен кӀеззиг дакъа хилар гойтуш.

Иштта а ладаме ду, хӀусамдас хьеший йиъна бовллалц йаа йезар, хьешел хьалха шуьнан хьалхара гӀаттар гӀиллакхехь дац.

Нагахь санна баьхкина хьеший гергара нах йа лулахой бацахь, зударий царна хьалха хьийза безаш бац.

Уьш тӀелацар чуьра баккхийчу кӀенташна, къоначу гергарчу нахана йа лулара кӀенташна тӀедужу.
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

БАККХИЙНАШ ЛАРАР

Тидам бан беза, нохчийн Ӏедалехь Воккханиг хилар бакъо хила ца Ӏаш, хьакъ а ду, хӀунда аьлча жимачунна хьалха шен декхарш хуьлу воккхачуьнан.

Оцу оьздангаллин ламасто кхиорхошна шаьш кхиа а дог-ойла ойъу. Цо тӀедожадо баккхийчарна гуттар ларамехь хилар а, тидаме хилар а, берашна гӀайгӀа бойту, церан хьокъехь кӀоршаме хилар а, цатам хир болу дош алар а доьхку, цаьрца йолу йукъаметтиг а, доьзалан уьйранаш а чӀагӀйойту.

Кегийчеран ларамо а, сийно а, муьтӀахь хиларо а доьху баккхийчаьргара ша-шен къамелан а, гӀуллакхан а Ӏуналла дар, хӀунда аьлча чохь а, цул тӀаьхьа арахь а леларан масалаш хуьлу царах кегийчарна.
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

Оьздангалла а, нохчочун дахарехь цуьнан маьӀна а

Массо а къомана девзаш ду баккхийнаш лараран гӀиллакх.

Амма массо а къомана ца девза воккхачунна некъ битаран гӀиллакх.

«Некъ битар» - дикка богӀуш кхетам бу. Генара вогӀучу стагана вай хьалхахула довларх, цунна цхьа а зен хир дац йа цуьнан «некъ хедар бац».

Цундела и гӀиллакх воккхачунна ларам бар, цунна а, цуьнан ханна а сий дар ду.

Иза, цхьа а шеко йоцуш, хаза гӀиллакх ду.
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

КЪОНАХАЛЛА

Къонах – иза «Къонахаллин» коьрта бехкамаш тӀехь нисвелларг ву.

Къонахчун коьрта Ӏалашо а, дахаран маьӀна а шен къомана а, Даймехкана а гӀуллакх дар ду. Къоман а, Даймехкан а гӀуллакх цунна шен тайпанан, некъан йа цӀийнан гӀуллакхел а лакхара ду.

Къонахчунна уггар лакхара гӀуллакх шен Даймохк мостагӀчух ларбар ду. Нийсонан тӀамехь йа шен сий а, цӀе а ларйеш а кхалхар бакъхьа ду Къонахчунна, цӀейожарехь а, йуьхьӀаьржонехь а вехачул.
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

НОХЧИЙН СИНКЪЕРАМ

Доцца аьлча, синкъерам, шен диканиг-вониг зуьйш, цецах чекхдоккхуш, толлуш, шен оьздангаллин тархашца нисйеш, нохчийн къомо кхоьллина Ӏаламат мехала институт йу.

Дайшкара вайга кхаьчна кхин хӀума ца хилча а, и цхьаъ а тоьар дара вайна йуьхькӀайн хӀитта а, кортош айъина дуьнен чохь лела а.

ДогӀуш а, мегар долчарех а ду, кегийрачу чкъурана ша довза а, зен а аьтто бан, хьанна а хьалха куралла йан кхоьллина и институт хиларна.

Кхечу къаьмнийн иза цахилар хьаьжча-м хӀета а вайн дайшкара доккха хьуьнар оьшуш хӀума хилла иза.

Гуттар доккха хӀума ду иза, дуьненна йукъара хьоле диллича, кхечанхьа и саннарг цахилар дага лаьцча: йоьӀан аьтто бар; дуккха а кегийра нах бовзийтар; тӀехьийзорца, царах цхьаъ къасто аьтто баккхар; цуьнца шен дахаран некъ дӀаболор.
Жимма «Нохчалла» хьокъехь

ЙАХЬ

Нохчийн ламастех ду доьзалехь дас-нанас нийса къийсар – йахь кхиор:

– нахана йуккъехь дика цӀе йаккхийтар.

– къахьегарехь уггар хьалха хилар;

– латарехь уггар майра хилар;

– оьшучунна гӀодаккхарехь хьалхара хилар;

– совгӀаташ доькъучохь тӀаьххьара хилар;

– комаьрша а, бала кхочуш а хилар.

Йахь йолуш хилар кхечарал лакхара хила гӀертар дац.
Йахь йолуш хилар кхечарал эшна ца хила гӀертар ду.
Жимма «НОХЧАЛЛА» хьокъехь

ГӀУЛЛАКХ

ГӀуллакх долу стаг – иза ша шена оьшучу, хьашт долчу хӀумане хьожург ву.

Нагахь санна, цхьа гӀуллакх дарехь дакъалоцуш воккханиг а, жиманиг а велахь, жимачо воккхачуьнга ала деза:

«Соьга дайтахьа иза, соьгара гӀиллакх а ца доккхуш»
Жимма «НОХЧАЛЛА» хьокъехь

ГӀИЛЛАКХ

ГӀиллакх долуш верг:

– Шен бехкечу нахана хьалха охьахуур вац (баккхийчарна, ненахойшна, стунцхойшна хьалха охьахаар товш дац);

– Уллехь болучарна мала ца кховдош шен хьогалла малйийр йац, воккханиг велахь йа жиманиг велахь. Иштта воккхачо маллалц хи мер дац жимачо, цо гӀилаккхана ца молу алахь а;

– Мацалла а йойъур йац, уллехь болчаьрга йуий ца хоттуш. Цара шаьш ца йуу алахь а, шайерг дӀа ца йууш, доккхаха долу дакъа царна дуьтур ду.
Жимма «НОХЧАЛЛА» хьокъехь

НОХЧИЙН ДЕМОКРАТИН КЪЕПЕ

Нохчийн къоман йуккъехь тайпа олуш шортта декъадаларан тобанаш йу.

Таханлерачу дийнахь уьш 150 сов лоруш ду.

ДӀадахначу бӀешеран йуккъехь 100 гергга дара, ткъа дӀадахначу бӀешеран йуьххьехь 59 тайпа дара, нохчийн хьосташца лерича.

ХӀора а тайпано шена чу нехан тоба йукъалоцу – оьздангаллин чӀогӀа бехкамаш болу кӀезиг-дукха гергара нах.

Тайпанан ширалле хьаьжжина хуьлуш йу цуьнан йукъабогӀучу нехан дукхалла.
Жимма «НОХЧАЛЛА» хьокъехь

КЪОНАХ

Эхь – иза къонахчун синӀаткъаме амал йу. Ткъа кхийерш цуьнан тӀаьхье лара мегар ду.

Иштта, Къонах - иза шен синхаамех Ӏеха ца луш верг ву.

Масала, къонахчун амал гучуйаккха тарло нехан чӀир шена тӀе а лаьцна, йукъарчу хьашташна дуьхьа, лурвоьллачу стага.

Къонах шел гӀийлачунна тӀехӀутту.

Цо къаьсттина лору шен ден накъостий, шайчарал кхин а лакхарчу тӀегӀан тӀе боху.
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
🎄 С Новым Годом! 🎁

🎇 Листайте Новогоднюю карусель, чтобы узнать поздравления с праздником на других языках.

◀️ Назад 🎆 Вперед ▶️
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Жимма «НОХЧАЛЛА» хьокъехь

ЗАХАЛО

Шен бийца орам а болуш, схьайаьллачу ц1ийнан сийлалла а йевзаш хилла к1анта йало къастайо йо1.

Дикачу къонахчунна санна, чохь, арахь, шайн йуьртахь, к1оштахь нахалахь ларамца йаккха ц1е эшна цунна а.

Цундела деза а, доккхачу жоьпаллин а г1уллакх лаьрра шаьш йукъадоккху захало.

Йа сиха ца луш, к1ентан, йоь1ан доьналла, г1иллакх-оьздангалла, сий-ларам, ц1енна пайденна хилар девзина ца 1аш, хиндолчу марден, марненан амалш а толлуш хилла.

Аьлча а, ларбелла шайна ледара т1аьхье лунйолу доьзалш кхоллабаларх.
Сегодня нашему проекту исполнилось 12 лет.

Столько всего позади, что в одной публикации и не счесть.

Все началось с искреннего желания помочь в распространении и популяризации родного языка. Сегодня это, можно сказать, мировой проект, в первую очередь благодаря Всевышнему, во вторую Вам, уважаемые подписчики, за вашу поддержку и веру в нас.

Хотелось бы также поблагодарить всех, кто так или иначе связан с нашим проектом и принимает активное участие: преподаватели, методисты, админы в соц сетях, дизайнер, блоггеры, операторы, программисты, лингвисты, модераторы уроков, менеджеры по работе с учениками.

Массарна а Дела реза хуьлда шуна. Шу доккха дакъа лоцуш ду шуна. ТIекхуьучу чкъоранна чIогIа мехала а, пайде а хир болуш болх бу шуна аша бийриг. Дала сий дойла шун, хьомсара декъахой.